2025-чу шеран оханан бутт болабелча Б1аьчи-Юьртара №1 йолчу ишколехь д1аболийра Нохчийн меттан денна лерина болу белхаш
25.04.20252025-чу шеран оханан бутт болабелча Б1аьчи-Юьртара №1 йолчу ишколехь д1аболийра нохчийн меттан денна лерина болу белхаш. Нохчийн меттан хьехархоша шайн цхьаьнакхетарехь х1оттийнера нохчийн меттан денна леринчу баттана бан безачу белхан хьесап (план).
Оханан беттан 7-чу дийнахь дешархойн гуламехь довзийтира цу беттан 21-25-чуй деношкахь нохчийн меттан к1ира д1ахьуриг хиларх лаьцна а, дийцира дан дезачу г1уллакхех лаьцна а. Билгалдехира х1ун тайпа къовсадаларш д1ахьур ду.
Оханан беттан 7-25-чуй деношкахь кхетош-кхиоран сахьташкахь массо а хьехархочо дийцира вайн къоман йаздархойх, поэтех, иллиалархойх, актёрех лаьцна.
Ткъа цхьаболчу хьехархоша йиллина мероприятеш а йира.Къаьсттина лерина болх барна билгалбаха лаьа: нохчийн меттан хьехархой Муцаева Султанан Айшат, Ногиева Муссан Хеда, Тутаева Салманан Камета. Цара д1айаьхьира «Ненан мотт – аганан илли», «Сий хуьлда хьан, сан Ненан мотт», «Даймохк поэзехь» ц1е йолу мероприятеш. Ногиева Муссан Хедас 5-г1а классерчу дешархошна йукъахь д1абаьхьира къовсам (викторина) «Бовзалаш, безалаш, доттаг1ий, шайн НЕНАН МОТТ!».
Оханан беттан 9-чу дийнахь д1абаьхьира нохчийн поэтийн Даймахках, ненан маттах лаьцна йазйина стихаш йешаран къовсам, 5-8-чуй классийн дешархошна йукъахь. Оцу къовсамехь хьалхара меттиг йаьккхира Магомадова Банатис.Оханан беттан 5-чу дийнахь ненан маттах лаьцна йазйинчу сочиненеш т1ехь болх бира. Билгалбехира дика сочиненеш йазйина дешархой Магомадова Марха (9А кл.), Дашкаева Мадина (11А кл.), Ибрагимова Ашура (11А кл.). Билгалбехира къовсамехь тоьлларш, царна грамоташ йелира.
Маттах а, цуьнан дозаллах а лаьцна массо а классашкахь къамелаш дира ишколан х1ора хьехархочо а. Ч1ог1а чулацаме, лерина дийцира цара маттах лаьцна, цуьнан таронех, мехаллех лаьцна а.Оханан беттан 7-25-чуй деношкахь ненан меттан хьехархоша д1айаьхьира йиллина урокаш.Керлачу техналогех пайдаоьцуш Дугуев Хьамзатан Хьусайна 9Г классехь д1айаьхьира «Ненан меттан литературехь исбаьхьаллин васт» ц1е йолу йиллина урок. Иштта керлачу техналогех пайдаоьцуш д1адаьхьира Муцаева Айшата а ша кечдина диллина урокан сахьт «НЕНАН МОТТ-САН ДОЗАЛЛА!» (6 кл.), Ногиева Хедас а (5 кл.), Тутаева Камета а (7 кл.), Солтамурадова 1алета а (7 кл.), Абдурзаков 1елас а (8 кл.), Эдилсултанвоа Марета а (3 кл.), Дагаева Хьавас а (1 кл.), Исмаилова Имана а (4 кл.), Ибрагимова Хедас а (2 кл.), д1адаьхьира классан куьйгалхоша «Ненан мотт - къоман хазна» ц1е йолу диллина классан сахьташ. Иштта 2-11 классийн дешархошна йукъахь д1адаьхьира ненан меттан хьехархоша кечдина «Хаарийн б1ов» ц1е йолу къийсадаларш.Оханан беттан 22-чу дийнахь ишколехь йира вайн нохчийн г1арбевллачу йаздархойн произведенийн выставка. Дешархоша цу выставке йеанера шайн ц1ерачу библиотекера нохчийн меттан книгаш.Дешархоша шаьш йешначу произведенийн бух т1ехь дехкинчу суьртийн къовсам д1абаьхьира оцу к1иранах. Школан белхахоша ишколехь д1абаьхьира цара дехкинчу а, иштта даьхначу а суьртийн гайтам (выставка).
Оханан беттан 24-чу дийнахь 5-11 классийн дешархошна йукъахь ишколехь д1адаьхьира ненан меттан денна лерина долу къийсадаларш (сценкаш, стихотворенеш, эшарш, духарш, даарш, хелхарш). Массо а классо лерина кечам бинера оцу денна. Йаханчу заманахь вайнаха лелийна духарш дуьйхина кечбина дешархой, мерзачу чомехь кечбина вайн къоман кхачанаш, церан дахарх лаьцна къеггина суьрташ, самукъанечу мехкарийн эшарш, говзачу дешархойн хелхарш, вайн ненан маттехула долу хаза г1иллакхаш - и дерриг гайтира ишколан дешархоша. Оцу г1уллакхна лерина кечам бинера цара. Иза къеггина гуш дара х1оттийначу х1усаме а, цу чохь долчу хьоле а хьаьжча. Ткъа оханан беттан 25-чу дийнахь нохчийн маттана леринчу к1иранах бинчу белхан жам1 дира ишколан дешаран администрацино. Бинчу белхан лакхара мах хадийра цо.
Тайп-тайпанчу совг1аташца, грамоташца билгалбехира къовсадаларшкахь толамаш баьхна дешархой.Нохчийн меттан денна лерина бинчу белхан жам1деш вистхилира ишколан ненан меттан хьехархо Дугуев Хьамзатан Хьусайн.
Цо нохчийн меттан денца декъалбира ишколан хьехархой а, дешархой а, иштта хьеший а.Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх-оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу Б1аьчи-Юьртара №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархой а, методически цхьаьнакхетараллин декъашхой а.Вайн дайша, жовх1ар санна ларбеш схьабеана болу вайн хаза Мотт, доха доллу куьзга санна ларбеш, хазбеш бийцар лойла вайна Дала т1ейог1учу ханна а!